Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Шен халкъах а, Шен хІусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тІе. Ахьа къинош летор бахьана долуш догІанаш а севцинера, бІаьста догІу догІа а цхьаьна. Амма тІаккха а хьуна эхь ца хетара – хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ. Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? Аса а, сан Исраилан халкъо а летийначу къиношна со къера хилар дІадийцира ас доІанехь. Сайн Делан ломах лаьцна дехар а дІаделхийра ас сан Везачу Далла хьалха. Со доІа дина валаза а волуш, суьйренан сагІа доккху хан гергга йолуш, хьалха а сурт хІуттуш суна гина, адамах тера долу Джабраил-малик, тІемадаьлла, сихха схьадеара. Цундела пайхамарашкахула Аса шун дог дохадора. Сайн багарчу дешнашца еттара Аса шуна. Аса еш йолу кхел, схьакхета малх санна, билггала ю. Везачу Эло таІзар шуна тІера дІадерзийна, шун мостагІа а эккхийна! Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву – шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза. Шун Веза Дела шуна юкъахь ву, Иза шу кІелхьардоху тІемало ву. Шух сакъералуш воккхавер ву Иза, Шен безамца шу карладохур ду Цо, шух воккха а веш, йиш локхур ю Цо». Церан багахь билггал бакъболу хьехамаш бара, харцдерг ца долура церан матта тІера. Уьш Соьца машарца а, догцІеналлица а лелара. Дукха адамаш къинош леточуьра совцийра цара.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода