Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Сайн цІа чохь а, цуьнан пенаш юккъехь а дагадоуьйтийла дІахІоттор ю Аса, ткъа нехан кІентий а, мехкарий а дуьнен чу бовлучул а дика хир ю иза. Абаденналц йолу а, хедар йоцу а цІе лур ю Ас царна». «Ас кхуллур йолу керла стигал а, керла латта а, гуттар а Суна хьалха лаьттар долуш ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта шун тІаьхье а, цІе а даим юьсур ю. Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. «Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хІума а дац. Кхин а ала цаьрга: „Хьалдолу Эла волчу Аса шу массо а къаьмнашкара схьагулдийр а ду, шу дІасадаржийначу мехкашкара юхадерзор а ду, ткъа Исраил-махкара латта шуна юха дІа а лур ду Аса“. Шен дІасадаржийна долчу уьстагІашка Іу ма-хьажжара, хьожур ву Со цаьрга. Ас уьш паргІатдохур ду Іаьржачу кхоьлинчу дийнахь уьш дІасадаржийна хиллачу меттигашкара. Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан халкъ, Ас шун къуббанаш схьайостур ю, цул тІаьхьа Ас шу, шайн кешнашкара ара а даьхна, Исраилан махка юхадалор ду. ДІаала халкъе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шаьш дІабаханчу меттера къаьмнашна юкъара схьабохур бу Ас исраилхой. Массо а маьІІера уьш схьа а гулбина, шайн лаьтта тІе схьабалор бу Аса. И мохк ЯхІудан цІийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гІалин цІеношкахь сарахь садоІуш Іийр бу уьш, хІунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахІоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела. Хьуна гІело мел йиначарна таІзар дийр ду Ас оцу хенахь. АстагІа леларш кІелхьарбохур бу, дІасабаржийнарш тІегулбийр бу. Ас уьш лоруьйтур бу, гІарабохур бу уьш сийсазбохучу хІокху дерриге а лаьтта тІехь.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода