Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГІаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цІенош диссалц, хІара латта дерриг а дассадаллалц. коьман маІа лекхаран а, тІеман цІогІа тохаран а де. ТІелатарш хир ду чІагІйинчу гІаланашна а, лекхачу бІаьвнашна а дуьхьал. Іази-гІала дІатосур ю, Ашкхилун-гІала а яссалур ю, Ашдод-гІалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Іекхран-гІала а тІепаза йовр ю. Декъаза ду хІордан йистехь дехаш долу кератхойн халкъ! Везачу Элера болу хІара хаам хьуна дуьхьал бу, пІелаштамхойн долахь болу КанаІан-мохк: «Ас хьо хІаллакбийр бу, тІаккха хир бац хьан бахархой». ХІордан йистера мохк жаІушна дежийлаш а, уьстагІашна гІотанаш а хилла дІахІуттур бу. И мохк ЯхІудан цІийнах бисинчарна кхочур бу. Цигахь церан дежийлаш хир ю. Ашкхилун-гІалин цІеношкахь сарахь садоІуш Іийр бу уьш, хІунда аьлча Везачу Эло, церан Дала, церан аьтто юхаметтахІоттор бу, уьш Шена дагахь болу дела. Везачу Эло боху: «Суна схьахезна муабахоша сийсаздар а, Іамминхойн лер а. Суна схьахезна царна Сан халкъ дола хетар а, Сан халкъан махка чугІорта гІерташ цара дозалла дар а. Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гІала санна, хир бу, ткъа Іамминхой, Іамор-гІала санна, хир бу. Церан латта шена тІехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хІонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду». Иза царна хир ду церан куралла бахьана долуш – массо а ницкъийн Везачу Элан халкъ царна дола хетарна а, оцу халкъах уьш кхардарна а. Везачу Эло уьш ларамах бузуьйтур бу, лаьтта тІехь мел болу деланаш Ша хІаллакбечу хенахь. ХІораммо а шен-шен меттехь Цунна Іибадат дийр ду, ур-атталла хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнаша а. Шу а, хушахой, Сан туьро хІаллакдина хир ду. Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хІаллакбийр бу. Нунав-гІаланах, яссийна саьлнаш а йина, гІум-аре санна, екъа меттиг йийр ю. Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бІогІамашна тІехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеІсагІанашна тІехь къапалгаш Іохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дІадаьхна хир ду. Иштта хилла дІахІуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гІайгІа йоцуш яьхна йолу и гІала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хІума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тІех мел волучо: «Жолам-яІ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду. Цундела, дарцо санна, Ас дІасабаржийра уьш царна ца девзачу халкъашна юкъахь. Царал тІаьхьа и латта дассаделла дисира, цхьа а цунна тІехула дІаса а ца лелаш. Иштта цара оцу хазачу махках бассийна мохк бира». Эскаро санна, Ас Сайн хІусам ларйийр ю, цхьа а тІемало цунна чухула ца валийтархьама. Цхьа а гІело йийриг кхин махка чувер вац, хІунда аьлча Со хІинца Сайн бІаьргашца церан дуьхьа хьоьжу».
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода