Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Хьуна гІело йиначеран кІентий, муьтІахь хиларца хьо йолчу а баьхкина, хьан когашка охьаоьгур бу. Хьох ца бешаш хиллачара хьох эр ду Везачу Элан гІала а, Исраилан халкъан Везачу Делан Цийон а. Адаман гІодаюккъехь доьхка чІогІа дІадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхІудан а ерриге а тІаьхье Сайна чІогІа улло ялийнера, – боху Везачу Эло, – царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дІахІиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгІира». «Ас байна уьстагІ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дІайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагІ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа». «Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас астагІнаш схьагулбийр бу, генна дІасалаьхкинарш а, Айса бохам тІебаийтинарш а цхьаьнатухур бу. Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода