Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
ХІунда аьлча Аса кхоьллина долу шен бераш шена гича, Якъубан тІаьхьено еза лорур ю Сан цІе. Якъубан Веза Дела цара веза лорур ву, Исраилан Далла хьалха уьш ларамах буьзна хир бу. Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгІна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду. Кхечу къаьмнашна уьш ижунна кхин хир дац, аренгарчу акхароша а уьш кхин дуур дац. Уьш маьрша дехар ду, ткъа цхьаммо а уьш кхин кхерор дац. Амма хІорра а шен-шен кемсийн таьллангана кІел а, шен-шен инжиран дитта кІел а хиъна Іийр ву. Царна цхьаммо а кхерамаш туьйсур бац, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло аьлла иза. Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц. ТІаккха Цо, хьала а гІаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цІеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хІунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дІакхаччалц сийлахь хир ву. Везачу Эло иштта боху: „Цийон-лома тІе юха а вирзина, Со Ярушалаймехь вехар ву. Ярушалаймах тешаме гІала эр ду, ткъа массо а ницкъийн Везачу Элан ломах – беза лам эр ду“. Аша дан дезарш хІара гІуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гІуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама. Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа. Церан багара цхьа а харцдерг ца долура, уьш бехк буьллийла доцуш бара.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода