Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Дела ву тхо кІелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Іаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хІуманах, хІунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кІелхьардаьхна дела. Андде шайн кІадделла куьйгаш, чІагІъе шайн егош йолу голаш. Кхоьруш долу дегнаш долчаьрга дІаала: «Доьналлехь а хила, кхера а ма кхера! Дела схьавогІур ву, шун мостагІашна бекхам бархьама. Царна доггІург а делла, шу кІелхьардаха Иза вогІур ву». Кхера ма кхера – Со хьоьца ву. Воха ма воха – Со хьан Дела ву. Ас хьо чІагІ а дийр ду, хьуна гІо а дийр ду. Со хьуна гІортор хилла дІахІуттур ву нийсо лелаечу Сайн аьтту куьйгаца. Ма кхера, гІийла а, кІезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гІо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргІатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. – Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду. Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гІо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ. Хьалхалерчу заманахь кхечу къаьмнех болчу наха, неІалт а кхайкхош, ЯхІудан а, Исраилан а халкъ хьахадора. Амма хІинца Ас шун аьтто бийр бу, нахана шу декъалдинарш хетар а ду. Ма кхералаш, чІагІлойла шун куьйгаш!“ Цундела хьалаайа шайн охьадахана куьйгаш, чІагІъе шайн малъелла голаш.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода