Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Адамийн уьтталгІа дакъа лаьтта тІехь дисахь а, мохк юха а багийна хир бу. Амма ножах, хадийча, лаьттахь юьхк йисаре терра, цу халкъан йисначух деза хІу хир ду». ТІаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра. ПІелаштамхоша бахкийтинчу геланчашка хІун эр ду? Оха эр ду: „Везачу Эло Цийон-гІала чІагІйина дІахІоттийна, ткъа цу чохь Цуьнан халкъана юкъара гІело хьегначарна дІалечкъийла карор ю“». Амма шух цхьаберш кхечу къаьмнашца бечу тІамах кІелхьарбовлуьйтур бу Аса, ткъа уьш хийрачу мехкашкахула дІасабаржийна хир бу. Веза Эла ма дика ву. Бохам тІебеача, Иза дІалочкъийла ву. Шех бІобулучарна Іуналла до Цо. Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тІекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода