Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Мискачунна Хьо волчохь дІалечкъийла хилла, холчохь волчу гІийлачунна Хьо кІелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ІиндагІ санна хилла, хІунда аьлча буьрсачу нехан садеІар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду. Жимачу стага йоІстаг ма-яллора, хьан кІенташа хьан дола дийр ду. Зудаялош верг шен нускалх воккхавеш ма-хиллара, иштта хьан Дела а хьох воккхавеш хир ву. И Эдомера вогІург мила ву? Мила ву иза, цІен оба а юьйхина, Бацарера вогІург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кІелхьардаха нуьцкъала а волуш». Цундела ахьа цу нахе дІаала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘И нах Аса генарчу махка дІабахийтинехь а, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржийнехь а, цхьана ханна Со царна деза цІа санна хир ву уьш дІабаханчу мехкашкахь’“. Цуьнан пайхамарш ларамаза а, ямарта а бу. Цуьнан динан дайша дезаниг сийсаздоккху, товрат-хьехам шайна пайда болчу агІор хуьйцу цара. Веза Эла оцу гІалина юккъехь ву, Иза нийса ву, харцдерг Цо ца до. ХІора Іуьйранна, хийцамаш а ца беш, нийсонца лела Иза, амма харцо ечарна эхь бохург хІун ду ца хаьа. И де – оьгІазаллин де ду, гІайгІанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Іаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де,
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода