Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Массо а ницкъийн Веза Эла шайн Веза Дела бен ма лара, Цуьнга бен ларамах дуьзна ма хила, Цунна хьалха бен Іадийна ма хила! Сан са буьйсанна Хьо волчу гІерта, ткъа Іуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху. Хьан кхел лаьтта тІехь кхочушхилча, дуьнен тІехь бехачарна нийсо Іема. Іесачу стагах къинхетам бича, цунна нийсо Іемар яц. Везачу Элан возалле ца хьожуш, Делан лаамехь болчеран лаьтта тІехь зуламаш лелор ду цо. Аса хІокху лаьтта тІехь даха дуьтур ду шу. ХІара латта Аса шун дайшна дІаделла ду, церан тІаьхье абаденналц цу тІехь яхийта. Дуьххьара Сан Іаш йолу меттиг дІахІоттийна йолчу Шилун-гІала а гІой, хьовса, Аса цу меттигна хІун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш. Кхоччуш телхина къинош ма летийна цара, ГебаІ-гІалахь хиллачу деношкахь санна. Далла дагадогІур ду церан къинош. Церан къинош бахьана долуш, царна таІзар дийр ду. Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгІаташ далар тІедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Іедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу. Делан озе ла ца дугІу цо, ша нисъяйтар тІе ца оьцу. Иза Везачу Элана тІе ца тевжа, шен Далла юххе ца гІерта. ХІинца ахь, Закри-ЯхІу, нахе иштта дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тІедерза, тІаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода