Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Стеган лакхара хьажар охьатаІийна хир ду, адамийн дегалла лахъер ю. Цу дийнахь цхьа Веза Эла хир ву лакхахь лаьтташ. Берриг а ницкъийн Везачу Элан де догІур ду курачунна а, дегалчунна а, айаделлачунна а – уьш берриш а охьатаІор бу. Нах лахбийр бу, адамаш охьатаІор ду, ткъа курачийн бІаьргаш а охьахьовсуьйтур бу. Исраилан халкъ Везачу Эло кІелхьардоккхур ду гуттаренна а долчу кІелхьардаккхарца. ТІейогІучу хенахь цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац и халкъ. Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а. Шаьш Іаббалц а юуш, дуьзна хир ду шу. Шайн Везачу Делан цІарна хастамаш бийр бу аша, шайна тІехь Цо инзаре гІуллакхаш дина дела. Сан халкъ кхин цкъа а юьхьІаьржачу хІуттур дац. ТІаккха хуур ду шуна Со Исраилан халкъана юкъахь хилар. Со шун Веза Дела ву, кхин цхьа а дела а вац, Сан халкъ кхин цкъа а юьхьІаьржачу а хІуттур дац». «Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тІекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТІаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тІедогІун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац. „Тхан да ИбрахІим ву“, – аьлча, шаьш кІелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. Шаьш хІинца юьхьІаьржачу хІиттош, хІетахь лелийначу гІуллакхех шуна хІун пайда баьлла? Цу гІуллакхийн чаккхе Іожалла ма ю!
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода