Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІедевллачу хишна тІехь а олалла динера Везачу Эло. Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло. Нийсо а, бакъдерг а ду Хьан паччахьан гІантана бух хилла дІахІоьттинарг. Безам а, тешаме хилар а ду Хьуна хьалхадаьлла лелаш. Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц а паччахьалла деш ву, Хьо тІаьхьенашкара тІаьхьенийн а дагахь ву. Уьш дІадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду. ТІеюху хІума санна, Ахь уьш хуьйцур ду, тІаккха уьш къайладохур ма ду. Стигалшкахь дІахІоттийна Везачу Эло Шен олаллин гІант. Олалла до Цо доллучу хІуманна а тІехь. Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац! Веза Эла, хашадхой Ахь къобалбина бу, цаьрга кхел яйтархьама. Сан тарх! Уьш Ахь билгалбаьхна бу таІзар дайтархьама.
Выбор основного перевода