Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Хьо волчохь ю сан дІалочкъийла, Ахь ларво со халонех, кІелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна. Іазап хьоьгучу хенахь Делан лаамехь болчарна Веза Эла чІагІо санна ву, Цуьнгара церан кІелхьарбовлар ду. Дела – вайн дІалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гІоьнча а ву. Цо олу Везачу Эле: «Хьо сан гІап а, ха а ду, сан дегайовхо Хьайца йолу Дела а ву!»
Выбор основного перевода