Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Баккхийбеш хир ма бу Ахьа шаьш лардаре сатийсинарш. Цара даим хазахетарца иллеш лоькхийла. Ткъа Ахьа ларбехьа уьш. Хьо везарш самукъане хуьлийла, Ахьа мел дийриг бахьана долуш. Ша кхоьллина баланаш цунна тІе юхабоьрзур бу, цо дина зулам а цуьнан шен коьртах кхетар ду. Хьан хедар боцу безам бахьанехь хазахеташший, самукъадаьллий хир ву со. ХІунда аьлча ас хьоьгу Іазап Хьуна гира, сан синан бала Хьуна дІахиира. Шен цІе Веза Эла йолуш волу Хьо бен Воцург, дерриге а лаьтта тІехь Веза Воккханиг хилар дІахоийла царна.
Выбор основного перевода