Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргІатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тІехь Іаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа! ЯхІудан халкъана юкъахь Дела вевзаш ву, Цуьнан цІе исраилхошна юкъахь лоруш ю. Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цІарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гІуллакхаш. Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а, Цо адамашна до тамашийна гІуллакхаш а бахьана долуш.
Выбор основного перевода