Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза шен Везачу Деле кхайкхира. Цо элира: «Веза Эла! Ницкъболчарна дуьхьалвалархьама гІорасиза волчунна гІо далуш, Хьо воцург, цхьа а вац. Тхан Веза Дела, гІо дехьа тхуна, хІунда аьлча Хьох тешна ма ду тхо, Хьан цІарах хІокху доккхачу эскарна дуьхьалдовлуш долу. Веза Эла! Хьо ву тхан Дела! Цхьа а адам ма тоьлийла Хьол». ГІаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кІелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагІийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гІуллакхаш дечеран цергаш ма оту. Цу дийнахь халкъашна тІехь кхел а йийр ю Цо. Ткъа латта декъех дузур ду Цо. Лаьттара массо баьччанаш а хІаллакбийр бу Цо.
Выбор основного перевода