Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна харцонаш лелориг вевза. Нагахь санна Цунна зулам гахь, Цо иза дагахь латтор дац? Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу, массо а адамийн кІентий го Цунна. Байлахь бисинчеран Да а волу, бисина Іачу зударшкахьа ГІодоккхург а волу Дела ву Ша къастийна долчу Шен дезачу цІа чохь. Цхьа бисинарш а Дала хІусамаш чу дІатарбо. Тутмакхаш а Дала буржалех паргІатбоху. Ткъа Цунна муьтІахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу. Бавел йохорхьама эскар цунна тІегІертар ду. Цуьнан тІемалой йийсаре буьгур бу, кегдина хир ду церан секхаІедаш. Веза Эла – бекхаман Дела ву, Цо кхоччуш бекхам бийр бу. Шайца хІара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тІеэцахьа тхан дохкодовларан доІа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагІанаш дохур ду. Цундела Делан лаамца баланаш хьоьгуш болчара, дерриг а диканиг дан а хьожуш, гуттар а Бакъволчу вай Кхоьллинчун кара шаьш дІадала деза.
Выбор основного перевода