Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша доІа деш Хьаната элира: «Сан дог Везачу Элах доккхаде! Везачу Эло Шен ницкъаца соьца болу ларам лакхабаьккхина! Ахьа со кІелхьаръяккхарх йоккхаеш, со сайн мостагІех йоьлу. ХІара ду Веза Эла волчу Аса цунна дуьхьал олу дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоІстаг, Ярушалайман йоІа хьуна тІаьхьа цаяшарца куьг тосур ду. Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагІчо! Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тІаьхьа бевллачарна. Ткъа сан дог-м Веза Эла бахьанехь доккхадеш хир ду, Цуьнгара долчу кІелхьарваларх самукъадаьлла и хир ду. Везачу Элан цІийнан бух дезачу лаьмнашкахь бу. Якъубан тІаьхьенан массо а Іаш йолчу меттигал а Цийонан кевнаш Везачу Элана дукха деза. Везачу Эло мел дина сийлахь гІуллакхаш хьаьнга кхайкхалур ду? Цунна боггІу хастамаш кхоччуш хьаьнга балур бу?
Выбор основного перевода