Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тойнийн го дІабирзинчул тІаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цІанбайтархьама. Іуьйранна хьалххехь хьала а гІоттий, цо хІора берана тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хІума массо а хенахь дора. Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хІуманна тІе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву». Іесачунна Дела дегаза хІунда хета те, шен дагахь: «Ахьа-м жоьпе озор вацара со», – олуш? Цара шайн кура хабарш дуьйцу. Массо а зуламхой дозаллех буьзна бу.
Выбор основного перевода