Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хІун хаьа? Со гІарол-м вац сан вешина?!» Адаман цІий Іанорна Соьга жоп дала деза, цу цІийна чохь са долу дела. ХІора стага а жоп дала деза ша адаман Іанийначу цІийнах, муьлххачу акхароша а жоп дала деза, шаьш адаман цІий Іанийча. Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьІийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧІагІлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тІера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагІашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дІадохур ду!» ТІаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхІуга: «Хьала а гІаттий, Шамран-гІаларчу исраилхойн паччахьна Ахьабана дуьхьалваха новкъавала. Иза хІинца Набутин кемсийн бешахь ву. И беш шен дола яккха веана иза цига. Ахьа цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Стаг вен а вийна, цуьнан дех дисинчун лаьттан дакъа а хьайн дола даккха воллу те хьо?’“ – Кхин а ала цуьнга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Набутин цІийна жІаьлеша мотт хьаьккхначу меттехь, хьан цІийна а мотт хьокхур бу жІаьлеша’“». Гуттаренна а хир дац мисканиг вицвар, массо а ханна дІадаьлла дац къечун сатийсар. Сан Веза Дела, гІаттахьа, Хьайн куьг хьалаайахьа, Іазапехь берш а Ахь биц ма бехьа. Іесачунна Дела дегаза хІунда хета те, шен дагахь: «Ахьа-м жоьпе озор вацара со», – олуш?
Выбор основного перевода