Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
уьш шайн бен чохь дІатебна Іачу хенахь я уьш коьллаш юккъехь кІело йина Іачу хенахь? Дегнаш курадовларна къечарна тІаьхьабовлу Іесанаш. Шайна дагадаьхкинчу хІилланаша дІалоцийла уьш. Ахь нийса кхел йийр ю суна, бакъдерг Хьуна дика ма го. Уьш сан синна кІелхевшина бу. Ас зулам дина я къа латор бахьана долуш, гуллуш бац нуьцкъалнаш суна дуьхьал, Веза Эла. Курачара суна гураш а, речІанаш а хІиттийна, новкъа тІе бой а тесна цара, со лаца хІуманаш охьаехкина. Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцІенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кІело йина, цІий Іанорхьама. ХІорра а шен вешина речІа югІуш ву.
Выбор основного перевода