Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кІелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагІийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гІуллакхаш дечеран цергаш ма оту. ЧІир йоькхуш волчу Цо гІело хьоьгучеран узарш диц ца до. Цо уьш дагахь а латтабо. Гуттаренна а хир дац мисканиг вицвар, массо а ханна дІадаьлла дац къечун сатийсар. Хьан куьг мостагІашна тІе айалур ду, уьш берриш а ахь хІаллакбийр бу. Іийса цу хенахь кеманан цІоганехь вара, гІайби тІе корта а биллина, наб кхетта Іаш. Мурдаша, Иза сама а ваьккхина, элира: «Устаз! Хьуна бен а ца хета те вай хин буха дахар?»
Выбор основного перевода