Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КхозлагІчу дийнахь лома тІе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагІан маІан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чІогІа кхераделира. ЦІеххьана Везачу Элера цІе елира, ткъа оцу цІеро уьш дІакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира. Везачу Элера цІе йоьссира, цо дІакхаьллира хаза хьожа йогІучу сегІазан сагІа доккхуш волу ши бІе шовзткъе итт стаг. Везачу Эло цуьнга элира: «Хьала а гІаттий, лам тІе а валий, Веза Эла волчу Суна хьалха дІахІотта. ТІаккха хьуна уллохула тІехвер ву Со». Оцу хенахь чІогІа мох белира Везачу Элана хьалха. Оцу мохо лаьмнаш а дохадора, тархаш а кегйора, амма цу махца Веза Эла вацара. Цул тІаьхьа мохк бегийра, амма мохк бегорца а Веза Эла вацара. Мохк бегийначул тІаьхьа, цІе елира, амма цу цІерца а Веза Эла вацара. ЦІе чекхъяьллачул тІаьхьа эсала а, тийна а долу аз деара. ТІаккха Шен дераллица уьш чІогІа кхерийна, Цо, оьгІаз а вахана, цаьрга дІахьедийр ду: Хьо оьгІазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш. Ша оьгІазваханчохь Везачу Эло хІаллакбийр бу уьш, цІеро буур бу уьш. ДІаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву! Латта чІогІа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац! Цо бакъонца кхел йийр ю халкъашна юкъахь». Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде! ХІордо а, цунна чохь мел долчу хІумано а гІовгІа е! Кхаш а, царна тІехь мел дерг а даккхийдеш хила. Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хила Далла хьалха, хІунда аьлча Иза вогІуш ву, дуьненна нийса кхел ярхьама. Цо дуьненна нийсонца кхел йийр ю, халкъашна а догцІеналлица кхел йийр ю. Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаІанийначу дераллица а шуна тІехь паччахьалла дийр ма ду Аса. Нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаІанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дІасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». Іийсас боху: «Со кестта вогІур ву. Сан ял а Соьца ю, хІоранна а, ша динчу гІуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дІадалархьама.
Выбор основного перевода