Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзира Хьуна, Сан лергаш дІадиллира Ахь. Дийнаташ дагоран сагІанаш Хьуна ца тайра, къинойх долу сагІанаш Ахь ца дийхира. Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Шун дай Мисар-махкара арабаьхначу дийнахь, Аса, цаьрга вист а хуьлуш, дийнаташ дагоран сагІанех а, вукху сагІанех а лаьцна цхьа а тайпа весет ца дира. Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагІанел.
Выбор основного перевода