Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза Везачу Элана тамехь хир ду, сагІина бахьачу старал а, маІаш а, бергаш а йолчу старгІанал а. Амма сту сагІина буьйш верг Суна хьалха адам дуьйш верг санна ву. СагІина Іахар боккхуш верг жІаьлин ворта кагъеш верг санна ву. КІен сагІа доккхуш верг хьакхин цІий сагІина даьккхинарг санна ву. Хаза хьожа йогІу хІума ягош верг цІунна Іибадат дийриг санна ву. Шайн некъаш а хаьржина, шаьш лелочу дегазчу гІуллакхех царна там хиларе терра, ХІунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогІу сегІаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагІанаш, иштта кхидолу шун сагІанаш а Суна тамехь дац». Уьш сагІина шайн уьстагІий а, стерчий а дахьаш, Веза Эла лаха арабевр бу, амма Иза царна карор вац. Иза царах дІавирзина.
Выбор основного перевода