Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира Ибраме: «Суна лерина кхо шо кхаьчна шинар а, кхо шо кхаьчна газа а, кхо шо кхаьчна уьстагІ а, кхокха а, къоркхокха а ба». И дийнаташ Везачу Элана хьалха схьа а далийна, царна урс а хьаькхна, юккъехула шина декъе а декъна, церан эхаш дуьхь-дуьхьал охьаехкира Ибрама. Кхокхарчий ца дийкъира цо шина декъе. Дукха хан ялале цу бежанийн чархашна тІелетира дера олхазарш, амма Ибрама дІалаьхкира уьш. Малх чубузучу хенахь Ибрамна чІогІа наб кхийтира. ГІенах инзаре кхерам бахьаш бода хІоьттира цунна гонах. Везачу Эло элира цуьнга: «Хаалахь, хьан тІаьхьенах берш хийрачу махкахь тІебаьхкина нах а хилла Іийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бІе шарахь леш а бина, Іазапехь латтор бу уьш. Амма Аса таІзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тІаьхьа хьан тІаьхьенах болу нах цу махкара дІагІур бу, дуккха а хьал а эцна. Хьо а, кхелхина, хьайн дайшна тІе дІагІур ву са паргІатдаьлла, кІорггера хенара а волуш дІа а вуллур ву. Йиъ тІаьхье чекхъяьлча, хьан халкъ кху лаьтта тІе юхадогІур ду, хІунда аьлча кхузахь Іаш долчу эмар-халкъан харцонийн барам кхочушхилла бац хІинца а». Малх чубуьзначул тІаьхьа чІогІа бода хІоьттира. ЦІеххьана шена чуьра кІур хьалаоьху кад а, цІеран хаьштиг а чекхделира екъначу бежанашна юккъехула. Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. Хастам бе Везачу Элана, Цунна тешаме болу нах. Иза веза хилар дагадоуьйтуш, хаставе аша Иза, Ахь дохучу сагІанашна дуьхьал эр дац Ас хІумма а – хьан дийнаташ дагоран сагІанаш гуттара а ду Суна хьалха.
Выбор основного перевода