Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн массо а тайпанийн къаной а, баьччанаш а суна тІекхайкха. Ас царна дІахозуьйтуш дІаэр ду хІара дешнаш, ткъа царна тІе тоьшалла дайта ас стигал а, латта а тІекхойкхур ду. «Тергам бе, стигал, со вистхир ву. Лаьтто а ладогІа сан багара долучу дешнашка. Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гІуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гІелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча. ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга: «ХьалагІатта, лаьмнашна хьалха довзийта хьайн гІуллакх, баьрзнашна дІахозийла хьан аз!» ЛадогІа, лаьмнаш, Везачу Элан гІуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогІа! ХІунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху.
Выбор основного перевода