Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац. Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Іамавой те? ХІума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа? Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦІуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цІенош чохь айхьа къола дой те? Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогІург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа? Мелхо а, аса, сайн дегІ кхоа а ца деш, цунна тІехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.
Выбор основного перевода