Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь. Зуламна сихха таІзар ца даро адамийн дегнаш зуламаш дарехьа дерзадо. «Дуккха а хенахь вист ца хуьлуш Іийра Со, садетташ а, собаре хилла а Іийра. Амма хІинца, бер дечу зудчо санна, Ас мохь хьокхур бу, Сан садукъалур ду. Амма хьуна тІе бохам богІур бу, бозбунчаллица иза дІабаккха ахь могуьйтур дац. Сингаттам хьоьга кхочур бу, хьан ницкъ кхочур бац иза сацо. Хьуна дагахь а доцуш долу хІаллакьхилар цІеххьана догІур ду хьуна тІе. Хьо хьанах кхераелла сел чІогІа, тешаме ца хиллал а, Со, виц а вина, хьайн дага чохь ца виттал а? Со вехха вист а ца хуьлуш Іерна, дуй те хьан Сох цакхерар? Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тІеверзо гІерташ хиларх?
Выбор основного перевода