Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг. Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тІера уьш дІабирзира. Хьан пайхамарша уьш чІогІа боьхура, Хьуна тІе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Іеса къамелаш дора, цундела Ахьа церан мостагІашна уьш дІалацийта пурба делира, ткъа мостагІаша царна дукха зуламаш а дира. Амма шайна тІе зулам деача, тхан дай Хьоьга орца доьхуш дІахІиттира. Стигалахь волчу Ахьа цаьрга ла а дугІура, Хьайн боккхачу къинхетамца уьш кІелхьарбохурш а лора, ткъа цара уьш мостагІийн зуламах кІелхьара а бохура. ЛадогІа, Сан халкъ, Ас шуьга дІахьедо. Исраил, ахьа мукъана а Соьга ладогІахьара!
Выбор основного перевода