Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа доІа дича, Цунна дІахезар ду, тІаккха кхочушдийр ду ахьа хьайн нигаташ. Везачу Элах кхоьруш дерш! Хастамаш бе Цунна. Якъубан дерриг а хІу! Сийде Цуьнан. Исраилан ерриг а тІаьхье! Цунна хьалха ларамах юьзна хила. Сан даго Хьоьгара схьааьлла, Хьо леррина леха. Цундела Хьо лоьхур ву аса, Веза Эла. Баланехь долу шу Соьга кхайкхича, Аса шу кІелхьардехира. Ткъесан мархина юккъера схьа Ас шуна жоп делира. Мерибан хиш долчохь Ас шу зийра. Сайга кхайкхахь, жоп лур ду цунна. ГІайгІанехь Со цуьнца ву. Ас иза паргІат а воккхур ву, цуьнан сий а дийр ду. Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тІаккха Цо уьш церан баланах кІелхьарбехира. Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира, тІаккха Цо уьш церан баланах кІелхьарбехира. И кхоалгІа дакъа Ас цІерга тосур ду. Дети лаладаре терра, лалор ду иза, деши цІандеш ма-хиллара, цІан а дийр ду. Соьга кхойкхур бу уьш, ткъа Суна хезар бу уьш. Ас эр ду: „Иза Сан халкъ ду“. Цара а эр ду: „Веза Эла – тхан Дела ву!“»
Выбор основного перевода