Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеІир-махкара халкъана тІе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тІе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара. Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агІор сийлахьчу Паччахьан гІала ю. Исраилан халкъан Іу, ладогІахьа! Юсупан тІаьхье, жа санна, дІадуьгуш верг, каруб-маликашна тІехула йолчу Іаршана тІехь хиъна Іаш верг, Хьуо гайтахьа Дуккха а халкъаш тІедогІур ду. Цара эр ду: «Схьадуьйла, вай Везачу Элан лам тІе а, Якъубан Делан цІа долчу а хьаладевр ду. Везачу Эло вайна Шен некъашца лела хьоьхур ду. ТІаккха вай, Цуьнан некъашца а лелаш, дехар ду». ХІунда аьлча товрат-хьехам Цийон-лам тІера схьабер бу, ткъа Везачу Элан дош Ярушалаймера схьадер ду. Хьажал, бодано латта дІахьулдийр ду, халкъаш а Іаьржачу боданна кІел гІур ду, амма хьуна тІехула Веза Эла садаржаран серлонехь гІоттур ву, Цуьнан сийлалла хир ю хьуна тІехь. Хьан серлонна тІе халкъаш догІур ду, паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тІе.
Выбор основного перевода