Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка Мусас элира: «Везачу Эло вайна хІара тІедуьллу: Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чІагІо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хІунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тІехь къа дуьсур ду. Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса. Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваІданаш кхочушдийр ду аса. Цара Везачу Элана баркаллин сагІанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гІуллакхех лаьцна дІа а дуьйцийла. Ас баркаллин сагІа Хьуна доккхур ду, иштта доІанца Везачу Эле кхойкхур ву. Дош цадалар дикаха ду, дош а делла, иза кхочушцадарал. Исраилан халкъ! Юхадерзахьа хьайн Везачу Далла тІе! Хьан къиноша ма галдалийтина-кх хьо. Амма сайна тІера сагІа сайн озаца хастам беш доккхур ду ас. Сайн нигат а кхочушдийр ду ас. Везачу Элан карахь ду кІелхьарвалар!» Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагІанаш санна, шайн догІмаш Далла дІало. Далла деш долу и тайпа гІуллакхаш товш ду шуьгахь. Іийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагІа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цІе хастош болу вешан бертан стом лойла вай. Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хІунда аьлча иштта сагІанаш Далла тамехь ду.
Выбор основного перевода