Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела. Массара а говза назма Цунна ала. Массо а халкъашна тІехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Іаршехь охьахиъна ву Дела. Ткъа паччахьалла а, олалла а, ерриге а стигална кІел йолчу пачхьалкхийн сийлалла а дІалур ду Веза Воккхачу Делан болчу нехан къоман кара. Делан паччахьалла абаделлалц долу паччахьалла ду. Массо а олахой Цунна Іибадат деш а, муьтІахь а хир бу“. КІелхьардаха богІуш берш Цийон-лам тІе богІур бу Іесаван ломана тІехь олалла дан. ТІаккха Везачу Эло Ша паччахьалла дийр ду». Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац. Хьан Олалла тІекхочийла. Стигалшкахь санна, лаьттахь а Хьан лаам кхочушхуьлийла. Хьарам лаамна кІел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара.
Выбор основного перевода