Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цора-гІалара бахархоша совгІаташ дахьар ду, къоман хьалдолчара хьо шайна резахилар лоьхур ду. Дерриг а лаьттан Паччахь ву Дела. Массара а говза назма Цунна ала. Дуьйло, Далла хьалха охьатаьІар вай, вай кхоьллинчу Везачу Элана хьалха горахІуьттур вай. Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тІехь массо а халкъан той хІоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагІар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагІар шира а, цІена а хир ду. Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маІа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогІур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тІехь Везачу Элана хьалха суждана гІур бу уьш. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац».
Выбор основного перевода