Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, суна иштта генахь хІунда ву Хьо? Со баланехь волуш къайла хІунда волу Хьо? Делкъал тІаьхьа кхо сахьт долучу хенахь Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Эли, Эли, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьІна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хІунда вити Ахьа?» Делкъал тІаьхьа кхо сахьт долучу хенахь, Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Элой, Элой, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьІна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хІунда вити Ахь?» Лаьтта тІехь долчу Шен дахарехь Іийсас чІогІачу белхарца а, бІаьрхишца а доІанаш а, дехарш а дора Ша Іожаллех кІелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дІахезира Цуьнан доІанаш, хІунда аьлча Іийсан Деле болу ларам боккха бара.
Выбор основного перевода