Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суьйранна схьабогІий, жІаьлеш санна, угІу уьш, гІалина гонах а лелаш. ТІаккха Іийса мехкан куьйгалхочун тІемалоша кхел кхайкхо гІишло чу вигира. Цунна гонах тІемалойн тоба гулъелира. Иза жІарах дІа а тоьхна, тІемалой, шайна юкъахь Іийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хІиттира. Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира. Іийса жІарах дІатоьхна бевлча, тІемалоша Цуьнан тІеюху хІуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хІора тІемалочунна цхьацца дакъа а луш. Іийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кІадих йина яра. И аьлла, Шен куьйгаш а, агІо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чІогІа хазахеттера мурдашна. ТІаьхьа оцу мурдаша ТІамига элира: «Тхуна Веза Эла гира». Ткъа ТІамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тІехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агІонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хІуъа хилча а, тешар вац со».
Выбор основного перевода