Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас цаьрга элира: «Ма кхералаш. Яха а гІой, Сан вежаршка Галилай-махка гІо ала. Цигахь гур ву царна Со». Ахьа кху дуьнен чохь Сайна делла долчу адамашна, гучуяьккхира Ас Хьан цІе. Уьш Хьан дара, ткъа Ахьа Суна деллера уьш. Цара Хьан дош лардира. ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“». Цо боху: «Хьан цІе Сайн вежаршна кхайкхор ю Аса, Хьуна хастам бийр бу Аса динан гуламе баьхкинчарна хьалха».
Выбор основного перевода