Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
кхин а кІезиг ду адам – нІаьвцицигах а, нІаьнах а терра бен вац адаман кІант». Сан мостагІий бахьанехь ур-атталла сан лулахоша а тІехдетта суна, со вевзаш берш а дІакъехка сох. Урамехь со гинарш а дІабовду сох. Хьуна хаьа со емалвеш хилар а, сийсазвохуш хилар а, юьхьІаьржачу хІиттош хилар а. Сан берриг а мостагІий Хьуна хьалха бу. Ма кхера, гІийла а, кІезиг а долу Исраилан халкъ, Ас гІо дийр ду хьуна, – боху Везачу Эло, хьо мах баларца ПаргІатдоккхучо, Исраилан Везачу Дала. – Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу, Везачу Эло царна тІе мох тоьхча. Баккъалла, буц санна, адамаш а ду. Нах ца баьшна а, наха дІатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгІазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тІера юьхь дІаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера.
Выбор основного перевода