Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо лоьхуш болу массо а Хьо бахьанехь хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла! Ахь шаьш кІелхьардахар дезаш болчара «Сийлахь ву Веза Эла!» – саццаза олийла. ГІело хьегначарна иза гур ду, церан самукъадер ду. Дела лоьхуш дерш, шун дегнаш денлур ду. Цо хьогуш верг Іаба а во, меца верг диканца вуза а во. Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал. Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас, сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас, сайн шуьраца сайн чагІар мелира ас. Яалаш, доттагІий, малалаш, дуззалц малалаш, безам баханарш! Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Сан ялхоша юур ю, ткъа шу меца Іийр ду, Сан ялхоша мер ду, ткъа шу хьогах хир ду, Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хІума ца луш дІабахийтина.
Выбор основного перевода