Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза жІарах дІа а тоьхна, тІемалой, шайна юкъахь Іийсан бедарш йоькъуш, кхаж таса хІиттира. Іийса жІарах дІатуьйхира. ТІемалоша, кхаж а тесна, Цуьнан хІуманаш вовшашлахь йийкъира. Нах, дІа а хІиттина, хьоьжуш лаьттара. Хьаькамаш Цунах боьлура: «Кхиберш кІелхьарбохура Цо! ХІинца Ша кІелхьарваккха, нагахь Иза Дала леррина Къобалвинарг велахь!» Іийса жІарах дІатоьхна бевлча, тІемалоша Цуьнан тІеюху хІуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хІора тІемалочунна цхьацца дакъа а луш. Іийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кІадих йина яра. ТІаккха тІемалоша вовшашка элира: «ХІара коч этІор яц вай. ХІокхунна кхаж а тесна, и хьанна кхочу хьовсур ду вай». Дерриг а иштта хила а хилира, Делан Йозанашна тІехь яздинарг кхочушдеш: «Цара вовшашлахь йийкъира Сан тІеюху хІуманаш, кхаж а тесира цара, Сан коч хьанна кхочу хьожуш». ТІемалоша иза иштта дан а дира.
Выбор основного перевода