Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара ду Веза Эла волчу Аса цунна дуьхьал олу дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоІстаг, Ярушалайман йоІа хьуна тІаьхьа цаяшарца куьг тосур ду. Сох нах кхаьрдарг хилла, сох шайн бІаьрг кхетташехь, цара кортош а лестадо. Юххехула чекхбовлучара вон баганаш етташ, кортош лестош, Юххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХІай! Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь дІахІоттош верг! Хьуо кІелхьара а воккхуш, охьавосса бІогІам тІера». Царах терра динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а, Цунах бела а боьлуш, вовшашка бохура: «Кхиберш кІелхьара а баьхна, Ша-м кІелхьара ца ваккхало! Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хІинца жІара тІера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама». Цуьнца дІатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза.
Выбор основного перевода