Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа хьалдолчеран аьзнаш дІасовцура, церан меттанаш стигалх дІалетара. Дог а дегадо сан. Сан ницкъо а вити со. БІаьргийн серло а яц ур-атталла хІинца сан. Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза, шайн са Ахьа дІадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дІа а довлу. Сан мотт багарчу стигалх дІалетийла, нагахь суна хьо дагахь ца хилахь, нагахь ас Ярушалайм сайн самукъадаларан коьрте ца хІоттаяхь. Ирсе хилар дарбане молха санна ду, ткъа сингаттам стаг вакъош йолу цамгар санна бу. Цул тІаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Іийса. ТІаккха, Делан Йозанашна тІехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со».
Выбор основного перевода