Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо бежанийн кІалд, жийн шуьреш, дерстина Іахарий а, гезарий а, Башанера тоьлла долу бежанаш а, тоьлла долу кІа а даадора оцу халкъана. Кемсех даьккхина долу чагІар муьйлура цара. ДІатедехьа Ахьа Мисаран халкъ, эрзана юкъарчу экханах тераниг, эсий санна долчу халкъашна юкъахь стерчийн бажа санна долу, шен долахь долчу деших тамаш бийриг. Цара, кортош охьа а таІийна, Хьуна шайн дато гІорзанаш йохьийла. ДІасатийсахьа Ахь тІом безаш долу халкъаш. ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду.
Выбор основного перевода