Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш, Цо Шен Синан Іаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а. Цу Дала кхоьллина стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел дерг а. Цо гуттар а ларбо тешам, «ХІара хІун ду аша деш дерг? Меттадуьйла! Шу санна, адамаш ма ду тхо а! Оха шуна хаза кхаъ бохьу, шу оцу харц цІушна тІера стигал а, латта а, хІордаш а, царна чохь дерг а кхоьллина волчу дийначу Далла тІедерзийтархьама. «Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дІаэца. ХІунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду». КхоалгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгІачу декъа тІе охьабуьйжира и седа. Цу сохьта чІогІа мохк бегийра. ГІалин уьтталгІа дакъа доьхна дІадахара. Мохк бегочу хенахь ворхІ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чІогІа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира. Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хІинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Іин чуьра хьала а даьлла, шен хІаллакьхиларна тІедогІур ду. ТІаккха, хІара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХІунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тІаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогІур ду.
Выбор основного перевода