Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тІехь, Сайн безачу лам тІехь». Цо элира: «Ярушалаймехула дІа а гІой, гІалахь мел лелош долу дегаза хІуманаш бахьана долуш гІайгІа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тІехь билгало е». Толам баьккхинарш Сан Делан цІа чохь бІогІам хилла дІахІуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тІехь Сайн Делан цІе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гІалин цІе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогІуш йолчу Ярушалайм-гІалин цІе хир ю. Сайн керла цІе а язйийр ю Ас царна тІехь. ТІаккха со дІахьаьжча, суна гира и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Іахар. Иза, сагІина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхІ маІа а, ворхІ бІаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тІедахийтина долу Делан ворхІ Са дара уьш. «Вайн Далла гІуллакх деш болчеран хьаьжнаш тІе мухІар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хІордашна, я дитташна». И мухІар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тІаьхьенах волу цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара.
Выбор основного перевода