Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: «КІа ара кечъечу хенахь ког таІош йолчу хьаьттарх тера ю Бавел. Жимма хан яьлча, ялта гулдан хан тІекхочур ю». ТІедерзаде маьрсаш, ялта кхиъна дела. Схьадуьйла, охьадисса, кемсаш Іовда, муттдоккхург юьзна дела. Муттанан пхьегІаш чуьра мутт тІехъоьхуш ду, цара дина зулам доккха долу дела». И асаран буц дІайийна волу мостагІа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тІаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгІачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тІехь дехачу адамашка, а Іожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Іибадат дайтира.
Выбор основного перевода