Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шишша цхьаьна хІиттина богІуш дошлой а, схьабогІуш нах а бу». Цул тІаьхьа цо элира: «Бавел-гІала йоьжна ю, иза эшийна ма ю! Цуьнан деланийн дерриге а дина суьрташ лаьттахь дохийна Іохкуш ду». Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагІар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тІаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш. Амма цІеххьана буьйжира Бавел-мохк, хІаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна. ЛадогІа, кхахьпа, Везачу Эло бохучуьнга! Набухди-Нецарна тІехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дІакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегІ стигалара тхино тІундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мІараш яра». Йоккха гІала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гІаланаш хІаллакьхилира. Йоккха Бавел-гІала Шена дагахь йолу дела, Дала таІзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгІазечу дераллин чагІар дІамалийтира цуьнга. Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагІар а муьйлуш, бехаш бара». Зудчун хьаьжа тІе язйина къайлаха маьІна долу цІе яра: «Йоккха Бавел-гІала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гІуллакхийн а нана ю», – аьлла. Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели-кх йоккха Бавел-гІала. Жинашна Іан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дІалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах. ХІунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагІар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дІахІиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш». Цу гІалина тІедеанчу Іазапна, даг чу кхерамаш а тесна, генна дІа а хІиттина, цара эр ду: «Къа ду хьан, йоккха гІала! Къа ду нуьцкъалчу Бавел-гІалин! ХІунда аьлча нийсса цхьана сахьтехь хьуна кхел йина-кх!»
Выбор основного перевода