Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш. Тхайн Далла хастамаш беш йолу керла эшар йиллира Цо сан бага. Дукхахберш, иза а гина, ларамах буьзна а хир бу, Везачу Элах тешна а хир бу. Керла йиш лакха Везачу Элана, дерриг а дуьнено лакха Цунна. Назма. Везачу Элана керла йиш лакхийша, Цо тамашийна гІуллакхаш дина дела. Цуьнан аьтту куьйго а, Цуьнан нуьцкъалчу пхьаьрсо а Цуьнга толам баккхийтина. Дела! Итт мерз болчу пондар тІехь керла йиш локхур ю ас Хьуна, Хастам бу Везачу Элана! Лакха Везачу Элана керла эшар, хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь. Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хІорда тІехула леларш, хІорда чуьра дерриг а дийнаташ, хІордан йистера мехкаш а, царна тІехь Іаш берш а. Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа. И мухІар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тІаьхьенах волу цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Со дІахьаьжча, суна Цийон-лам тІехь лаьтташ болу и Іахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тІехь Цуьнан цІе а, Цуьнан Ден цІе а дІаязйина яра.
Выбор основного перевода