Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тІебоуьйтур болчу заманах. Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа. Со дІахьаьжча, стигална юккъехула тІемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»
Выбор основного перевода