Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эдоман хих силам хир ду, цуьнан чан саьмгал хилла дІахІуттур ю, ткъа лаьттах догуш долу силам хир ду. Дийнахь а, буса а дІа а ца довш, догуш хир ду и латта, массо а хенахь кІур хир бу цунна тІера хьалаоьхуш. Массо а тІейогІучу тІаьхьенехь дІатесна а, даьсса а хир ду иза. Абаденналц цхьа а гІур вац цунна тІехула дІа. ТІаккха Шена аьрру агІор болчаьрга эр ду: „Гена довла Суна, Делан неІалт хилларш! Иблисаний, цуьнан харцмаликашний кечйинчу жоьжахатин цІера юккъехь ю шун меттиг. ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу. Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш. Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгІачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тІехь дехачу адамашка, а Іожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Іибадат дайтира. Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тІе цІе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха. ШолгІачу экхано вукху экханна хьалха Іаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Іехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тІедуьллура, туьрах Іожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тІедиллийтар. ШолгІачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хІора оцу экханан суьртана хьалха Іибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а. ШолгІачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цІеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргІат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тІе я хьаьжа тІе мухІар таІор тІедиллира. Цу экханан мухІар таІийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хІумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухІар тІехь цу экханан цІе я цуьнан цІеран терахь дара. КхоалгІа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Іибадат а дахь, я шен хьаьжа тІе, я шен куьйга тІе цу экханан мухІар а таІадайтахь, Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тІе охьадоьттира. ТІаккха шайна тІехь экханан мухІар а долуш, цуьнан суьртана Іибадат деш долчу адамашна тІехь чІогІа дера а, ирча а ноткъа оьху даьІнаш даьржира. ШозлагІа а олуш хезира суна: «Хастам бу Далла! Ерриг а тІейогІучу заманна а хир бу цу гІалина тІехула хьалатуьйсуш кІур». Цул тІаьхьа суна гира паччахьан гІанташ. Царна тІе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а тІера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Іибадат ца динера цара. Цу экханан мухІар а тІе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тІе а, я куьйгаш тІе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира.
Выбор основного перевода